Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цабезамо девнаш довлуьйту, амма безамо массо а зуламаш дІахьулдо. Кипас, Іийса волчу а веана, хаьттира: «Сан Эла! Вашас суна дуьхьал къа латош хилча, со мосазза къинтІера вала веза цунна? ВорхІазза вала везий?» Ткъа Іийсас цуьнга элира: «Аса боху: иза ворхІазза хир дац, ворхІазза кхузткъе итт эцча санна, хир ду. Тешар тІехь чІагІделлачу вай чІагІбелла боцучарна гІо дан деза, ваьшна тамехь дерг дина а ца Іаш. Кхечеран а шуна юкъахь иштта бакъонаш хилча, ткъа тхан церан чул а сов яц и бакъонаш? Амма оха, мелхо а, тхайн оцу бакъонашка а ца хьоьжуш, тхайна тІе мел деанарг лов, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ дІакхайкхош, тхайгахьара цхьа а новкъарло ца хилийтархьама.
Выбор основного перевода