Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ЭхІ, ма барам боцуш хьал долуш ду-кх Делан хьекъалалла а, кхетам а! Вайн хьекъал ца кхочу Цуьнан сацамех кхета, вай тІаьхьа ца кхиало Цуьнан некъашна! Ткъа хьалха яздина мел долу хІума вайна хьехамна яздина ду, Делан Йозанаша вайна лучу доьналлица а, иракарахІитторца а вешан сатийсар хилийтархьама. Тешарна тІехь кхоччуш кхиъна болчу нахана юкъахь хьекъалаллах лаьцна хьехам бо оха. Амма оха кху дуьненан хьекъалаллах дерг а хьоьхуш дац, я шайн олалла чекхдала герга болчу, кху дуьненахь олалла деш болчеран хьекъалаллах а хьоьхуш дац. Ткъа оха дуьйцуш долу хьекъалалла – Делан къайлаха долу хьекъалалла ду. Иза Дала хІара дуьне кхоллале дуьйна а вайн сийлаллина хьажийна хилла.
Выбор основного перевода