Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цаьрга лаьхьанаш караэцийтича а, я дІовш малийтича а зе хир дац царна, цара цомгушчарна тІе куьйгаш диллича, цомгушнаш толур бу». Ахьа дІадохкале а и латта хьан ма дара, ткъа цунах схьаэцна ахча а ма дара хьан. ХІунда дира ахьа иза? Ахьа и аьшпаш нахана ца боьттина, Далла боьттина». Вайна хІоранна а, Дала шена деллачу дикане хьаьжжина, похІма делла. Делера болу хаамаш баран похІма хьайна деллехь, иза дІакхехьа, хьайн долчу тешаре хьаьжжина. Уллорачун догъэца похІма хьан делахь – догъэца. Хьайн йолчу хІуманийн кхечаьрца дакъа дан похІма хьан делахь, уьш комаьрша дІасаекъа. Куьйгалла дан похІма хьан делахь, доггах куьйгалла де. Къинхетам баран похІма хьан делахь, иза а хазахетарца де. Кхечунна оццу Синехула тешар ло. Ткъа кхин а цхьанна цу Сино адамаш тодан похІма ло. Вукхунна тамашийна гІуллакхаш дан ницкъ ло. Кхечунна Делера болу хаамаш бан похІма ло. Цхьаволчунна Делан Сино делларг жинаша деллачух къасто похІма ло. Цхьаболчарна Делан Синера долу тайп-тайпана тамашийна меттанаш ло. Кхечу цхьанна оцу меттанаша бохург гочдар ло. Шайна чохь безам хилийта гІерта. Делан Сино луш долчунна тІекхийда – уггаре а чІогІа дезаш хилалаш Делера болу хаамаш бар. ХІунда аьлча тамашийначу маттахь къамел дечо адамашка ца дуьйцу, цо Деле дуьйцу. Цо дуьйцучух цхьа а ца кхета, ткъа иза Делан Синехула къайленаш юьйцуш ву. Делера хаамаш бечо адамашка дуьйцу, уьш синца чІагІбархьама а, иракарахІитторхьама а, тебархьама а. Тамашийнчу маттахь къамел дийриг шен синца чІагІло, ткъа Делера болу хаамаш бечо динан тоба чІагІйо. Аша массара а тамашийначу меттанашкахь дуьйцийла лаьа суна. Амма кхин а сов лаьа суна, Делера болу хаам аша бойла, хІунда аьлча Делера болу хаамаш бийриг пайдехь ву оцу меттанашкахь дуьйцуш волчул а. И дуьйцург, цо ша гочдича бен, пайденна хир дац, динан тоба цу дуьйцучуьнца чІагІъяйтархьама. Дикачу агІор йолу эмгаралла ю сан шуьца, иза Делера а ю. Ас шуна захало дийцира цхьана стагаца, иза Дала леррина Къобалвинарг ву. Цунна хьалха, цІена йоІстаг санна, шу дІахІитто лаьа суна. Амма со кхоьру, шен хІилланца лаьхьано Іехийна йолу Хьава санна, Дала леррина Къобалвинчунна догцІена а, даггара а тешаме хиларх мухха а шун хьекъалш ледийр дуй те аьлла. Хьалхалерчу адамийн тІаьхьенашна и къайле йовзийтина яцара. Амма хІинца Дала базбинчу векалшна а, пайхамаршна а Делан Синца иза йовзийтира. Цо Ша дІахІиттийнера цхьаберш векалш бина, шолгІанаш пайхамарш бина, вуьш хаза кхаъ кхайкхорхой бина, кхинаш, Іуьно жа санна, динан тоба Іалашйийраш а, динан хьехамчаш а бина. Делан долахь берш кечбан дина дара иза, цаьрга Далла гІуллакх дайта а, Дала леррина Къобалвинчун дегІ дІахІотто а. Нагахь санна со хьелахь а, Делан хІусамехь дан дезарг хьоьга хаийта боху ас. Делан хІусам дийна волчу Делан долахь йолчу Іийсах тешачийн тобанан гулам бу – билггал бакъдолчун бІогІам а, бух а. самукъанечу гуламна, стигалшкахь цІераш дІаязйинчу Делан дуьххьарчеран леррина болчу гуламна, массеран Кхелахо волчу Далла, кхачамалле кхаьчначу Делан лаамехь болчеран синошна,
Выбор основного перевода