Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Церан батош ю, амма цара къамел ца до, церан бІаьргаш бу, амма царна хІумма а ца го. ХІун пайда бу суьрташ дечу стага винчу цІун, я харцо хьоьхуш йолчу лалийна йинчу хІуманан? Суьрташ динарг ша кхоьллинчу цІунах муха тешар ву? И цІу вист а ца хилало! «Декъаза ву дитте „Самадала!“ бохург, ткъа мотт ца хуучу тІулге „ХьалагІатта!“ бохург. Цуьнга Іамалур дуй те цхьа а хІума? ХІаъ, иза дети-деши диллина бу, амма цунна чохь са ма дац». Цу тайппана бара шух цхьаберш а. Амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан цІарца а, вайн Делан Синца а шу цІан а дина, даз а дина, бакъ а дина. Цундела дагахь латтаде: кхечу къаьмнех схьадевлла долу шу цхьана хенахь Делан нахана юкъа ца догІура. Шух «сунтбаза нах» олура «сунтбинарш» цІе йолчу наха, ткъа уьш сунтбар адамийн куьйгашца дина ма дара. Цу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дацара шу. Делан долахь долчу Исраилан халкъах дІакъастийна дара шу. Делаца бинчу бертан а, цу чу йогІучу чІагІонийн а декъахь а дацара шу. КІелхьардовларе догдохийла дацара шун. Дуьнен чохь шу Іеса адамаш дара. ХІунда аьлча цара шаьш а дуьйцу тхох лаьцна. Цара дуьйцу, тхо шуна тІе муха даьхкира а, иштта шу, цІуйх дІа а дирзина, Делехьа дерзарх лаьцна а, дийначу а, бакъволчу а Далла гІуллакх дархьама.
Выбор основного перевода