Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Аса шу хих чекхдоху, ткъа Цо Делан Синах дузор ду шу». Сийлахь-доккхачу дезачу денойн тІаьххьарчу дийнахь Іийсас, дІа а хІоьттина, кхайкхам беш, элира: «Шаьш хьогах долчара, Суна тІе а дуьйлий, мала шайна. Сох тешначун, Делан Йозанашна тІехь ма-аллара, кийрара „дийначу хин“ шовданаш оьхур ду». Иза Цо элира Шех тешаш болчара тІеоьцур долчу Делан Синах лаьцна. Ткъа царна чохь хІинца а Делан Са дацара, хІунда аьлча Іийса Дас сийлалла даза вара. Уьш берриш а, мархах а, хІордах а чекх а бевлла, Мусаца цхьаьнакхетийтина. Цара массара а цхьатерра болу синан кхача а биъна. Иштта цара массара а цхьатерра синна оьшуш долу малар а мелла, хІунда аьлча цара шайца лелош болчу тамашийначу тІулгах схьадолу хи молура. Ткъа и ТІулг бара – Дала леррина Къобалвинарг. ХІунда аьлча, ахьа Далла баркалла Цуьнан Синехула олуш хилча, ахьа дуьйцург шена хІун ду ца хиъча, хІокху гуламехь волчу хийрачу стага муха эр ду ахь аьллачу баркаллина: «Амин»? Дала оцу даларан боккхачу кхерамах кІелхьардехира тхо, Цо кІелхьардохур а ду. ХІинца чул тІаьхьа а Цо кІелхьардохур ду аьлла, тешна а ду тхо. Бац шуна юкъахь я жуьгтий а, я кхечу къомах долу адамаш а, я лай а вац, я паргІатниг а вац, я божарий а, я зударий а дац шу – шу массо а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна цхьаъ ду. хІунда аьлча вайн шина а халкъан цхьаъ долчу Делан Синца Іийсагахула Дена тІекхочийла долу дела. Массо а тешачийн цхьа дегІ а, цхьа Делан Са а ду, цхьана сатийсаме шу тІекхайкхина ма-хиллара. Иза иштта хиларна, цхьа а башхо яц кхечу къомах волчу стагана я жуьгтичунна юкъахь, сунтвинчунна я сунтваза волчунна юкъахь, оьздачу халкъан волчу стагана я оьздангалла йоцучу халкъан стагана юкъахь, лена я маьршачунна юкъахь. Мелхо а, Дала леррина Къобалвинарг уггар лараме Верг а ву, Иза массаьрца а ву.
Выбор основного перевода