Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ткъа и дерриг а оццу цхьана Делан Сино деш ду. Шена дала деза аьлла хеттачунна, схьа а хоржий, ло Цо уьш. Динан тобанашкахь Дала цхьаберш векалш, вуьш пайхамарш, кхозлагІнаш динан хьехамчаш бина дІахІиттийна. Цул сов, цхьаболчарна тамашийна гІуллакхаш дан ницкъ белла, вукхарна адамаш тодан похІма делла. Иштта уллорачарна гІо дан похІма а, урхаллин похІма а, тамашийна мотт бийцаран похІма а делла Цо. ТІаккха оцу хІух хиндерг, Шена хеттачу куьцехь, Дала Ша кхуллу. Цо хІора а хІуьнан цуьнан шен бен доцу куц кхуллу. ДегІан Корта болчу Дала леррина Къобалвинчунна тІе ца гІерта иза. И корта бахьана долуш, пхенаша а, меженаша а латтадеш цхьаьнатесна долу и дерриг а дегІ Делан лаамехь хьалакхуьуш ду.
Выбор основного перевода