Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Вайн дегІ цхьаъ делахь а, цуьнан дуккха а меженаш ю. И меженаш цхьатерра гІуллакхаш кхочушдеш яц. Иштта вай а, ваьш дукха делахь а, Дала леррина Къобалвинчуьнца а долуш, цхьа дегІ ду, ткъа вайх хІора а цу дегІан вовшахтоьхна меже ю. Вайна хІоранна а, Дала шена деллачу дикане хьаьжжина, похІма делла. Делера болу хаамаш баран похІма хьайна деллехь, иза дІакхехьа, хьайн долчу тешаре хьаьжжина. Дала хьуна кхечарна гІуллакх даран похІма деллехь, и гІуллакх дІакхехьа. Цо хьуна динан хьехамча хилар деллехь, хьеха. Массо а тешачийн цхьа дегІ а, цхьа Делан Са а ду, цхьана сатийсаме шу тІекхайкхина ма-хиллара. Ткъа вайх хІоранна Дала леррина Къобалвинчунна дала лиъначу барамца Делан доккха дика делла дара. И дерриге а тамашийначу хиламашца а, билгалонашца а, тайп-тайпанчу ницкъашца а Дала тІе а чІагІдира, Шен лаамца Шен Са дІаса а даржош.
Выбор основного перевода