Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Мусана дуьхьал а бевлла, цуьнга бехкаш дохуш, шайна хи ло бохура цара. «Со хІунда хьийзаво аша? Везачу Элан собар кхачо а хІунда гІерта шу?» – бохура Мусас нахе. Цу меттиган цІе Масса а, Мериба а тиллира цо (церан маьІна «зер» а, «лер» а бохург ду), хІунда аьлча цигахь исраилхой, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цунна луьйш а, Иза зуьйш а бара: «Веза Эла тхоьца ву я вац?» – бохуш. ХІор-лома тІера ЦІечу хІорда тІе боьдучу новкъахула дІабахара уьш, Эдоман махкана уллохула ца бовлархьама. Новкъахь нехан собар кхачийра. Далла а, Мусана а лен буьйлабелира уьш: «Кху яьссачу арахь далийта даьхна аша тхо Мисарара ара? Кхузахь я бепиг а, я хи а дац. Тхуна бІаьрга бан а ца беза и декъаза кхача». Везачу Эло халкъана тІе дІаьвше лаьхьарчий хийцира. Цара лецна, исраилхойх дукха нах белира.
Выбор основного перевода