Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Газа-цІушна шайн сагІанаш а дохуш, исраилхой Везачу Элана кхидІа цатешаме лела мегар дац. Гуттаренна а царна тІедуьллуш ду иза“. Деланаш боцучу жинашна сагІанаш дохура цара, – хьалха шайна бевзаш ца хиллачу деланашна, хІинцца гучубевллачу керлачу деланашна, церан дай ларамах буьзна ца хиллачу деланашна. ТІаккха лаьтто, дІаса а декъаделла, Датан дІакхаьллира, Абирамна тІаьхьахІоьттина тоба лаьтто дІайоьллира. Дуккха а болчара эр ду Соьга цу дийнахь: „Ва Веза Эла! Хьан цІарах ца бора оха Делера болу хаам? Хьан цІарах дІа ца лелхадора оха жинаш? Хьан цІарах ца бора оха дуккха а тамашийна белхаш?“ Іийсах тешар доцучаьрца цхьана дукъа кІел ма лелийша. ХІун юкъаметтиг ю те бакъдолчунна а, харцдолчунна а юкъахь? ХІун уьйр ю те серлонна а, боданна а юкъахь? ХІун барт бу те Дала леррина Къобалвинчунна а, иблисана а юкъахь? ХІун цхьаалла ю те тешаш волчунна а, тешаш воцчунна а юкъахь? ХІун цхьаьнадогІург ду те Делан цІенна а, цІушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цІа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со, уьш болчохь лелар ву Со. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду». Цундела Везачу Эло боху: «Царна юкъара дІа а довлий, царах дІакъасталаш. Суна хьалха боьха долчу хІуманах ма хьакхалойша, тІаккха Аса тІеоьцур ду шу».
Выбор основного перевода