Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Вайх хІораммо а уллорачунна тамехь дерг дан деза, иза цунна диканна а, иракарахІотторна а хуьлуьйтуш. Жуьгтий болчохь со жуьгти санна вехира, уьш Дала леррина Къобалвинчунна тІеберзорхьама. Товрат-хьехамийн бакъонаш ларъеш болчаьрца а бакъонаш ларйийриг санна вехира со, уьш а Цунна тІеберзорхьама, цу бакъонийн лаамехь со воццушехь. Товрат-хьехамийн бакъонаш лар ца еш болчаьрца – и бакъонаш лар ца еш верг санна хуьлура со, уьш а Цунна тІеберзорхьама. ХІетте а, Делан бакъонаш лар ца еш-м ца лелара со, Дала леррина Къобалвинчун бакъонашна со муьтІахь волу дела. Тешарехь чІагІбелла боцучаьрца чІагІвелла воцург санна хуьлура со, уьш тешарехь чІагІбархьама. Массарна а хьалха массо а санна хуьлура со, сайн мел долчу хьуьнаршца, царах цхьаберш баьхна а, кІелхьарбахархьама.
Выбор основного перевода