Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Нехан карара уьш схьа а эцна, лала а йина, царах старгІин сурт дира цо, уьрсаца иза то а деш. ТІаккха халкъо бохура: «Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хІара, Исраилан халкъ!» ШолгІачу дийнахь, хьалххе хьала а гІевттина, дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш дехира цара. Юха, яа а, мала а охьа а хевшина, шайн самукъадаккха хьалагІевттира уьш. Хьариб-ломана уллохь халкъо деших старгІа йира, лалийначу деших винчу оцу цІунна Іибадат а дира. Дера суна-м ца лиънера ала, кху дуьненахь сийсаза лелаш мел болчаьрца а, сутаралла мел йолчаьрца а, хьарамло мел лелош болчаьрца а, цІушна Іамал еш болчаьрца а тІекаре ма е. ТІаккха-м хІара дуьне дита дезар дара аша.
Выбор основного перевода