Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Дела воцучуьнца цара хьагІ хилийтина Сан, баьссачу цІушца оьгІазло хилийтина Соьгахь. Ткъа халкъ доцучуьнца Аса хьагІ хуьлуьйтур ю церан, кхетам боцучу къомаца Аса оьгІазло хуьлуьйтур ю цаьргахь. Веза Эла хьекъал долуш а ву, Цуьнгахь ницкъ а бу, Цунна дуьхьал а ваьлла, зен ца хуьлуш виснарг мила ву? Кхоьллина мел йолу хІума шен цІе йолуш ю. Иштта адам хІун ду а вайна хууш ду. Шел ницкъ болуш волчуьнца болчу къийсамехь адам тоьлур дац. Декъаза ву ша Кхоьллинчуьнца къийсалуш верг, лаьттах йинчу кхабанашна юкъахь цхьаъ бен йоцург! Поппаро куьпчичуьнга хоттур дуй те: «Хьо хІун деш ву?» Йинчу хІумано ша йиначух эр дуй те: «Цуьнан куьйгаш дац»?
Выбор основного перевода