Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Со теша, шуна чохь и дика гІуллакх дан Долийначо, Дала леррина къобалвина Іийса вогІун волу де тІекхаччалц, иза кхочушдийр дуйла. Цо шун дегнаш безамах дузуьйтур ду, шу чІагІдархьама. ТІаккха вайн Да волчу Далла хьалха шуна бехк буьллийла а доцуш, деза а долуш хир ду шу, вайн Веза Эла волу Іийса, массо а Шен долахь болчаьрца кху дуьнен чу схьавогІучу хенахь. Амин. Вайн синна паргІато луш волчу Дала Ша цІан а дина, массо а агІор Ша санна дойла вай. Цо шун са а, дог а, дегІ а Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Іийса вогІучу хенахь дуьззина къинойх цІена латтадойла.
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода