Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Иштта хир ду Адамийн КІант гучувоккхучу дийнахь а. Ткъа и дерриг а оццу цхьана Делан Сино деш ду. Шена дала деза аьлла хеттачунна, схьа а хоржий, ло Цо уьш. Ткъа вай стигалан дахархой ду. Вай КІелхьардохург, Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса, оцу стигалшкара схьаваре хьоьжуш а ду вай. ткъа баланаш ловш долчу шуна тхоьца цхьаьна синтем хир бу. Иза хир ду Веза Эла волу Іийса Шен нуьцкъалчу маликашца а, йогучу цІарца а стигалшкара гучуволучу хенахь. Вай иштта лела деза, къобалдинчу сатийсаре ла а дуьйгІуш: иза хир ду сийлахьчу Делан а, вайн КІелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсан а сийлалла схьадар. Делан де тІекхачаре сатуьйсуш а, и тІедар сихдеш а ду шу. Цу дийнахь цІе летта йолу стигалш юхур ю, стигалахь мел дерг, догуш, дешар ду.
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода