Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Аса церан дуьхьа Со дІало Хьан дола, уьш а бакъдолчуьнца Хьан дола бахийтархьама. Цара шена тІулгаш деттачу хенахь, Тапас доІа дира: «Іийса-Эла, дІаэцахьа сан са!» Иза динан коьртачу дегара кехат а дахьаш веана, Хьоьга мел кхойкхург чуволла бакъо луш долу». Дала цхьа а тайпа башхо ца йо царна а, вайна а юкъахь, хІунда аьлча Цо, Шех тешар а делла, хьаналдина церан дегнаш. Цул тІаьхьа ПахІал Атина-гІалара дІа а вахана, Коринт-гІала веара. Рим-гІалахь бехаш болчу Далла безначаьрга, Цуьнан долахь хила къастийначаьрга массаьрга а яздо аса: Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу доккха дика а, синпаргІато а хуьлда шуна. Цу тайппана бара шух цхьаберш а. Амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан цІарца а, вайн Делан Синца а шу цІан а дина, даз а дина, бакъ а дина. Дала вай боьхачу лаамийн долахь а доцуш, амма Шена хьалха цІена лелийтархьама хаьржина. Делахь а Дала дІахІоттийна болу онда бух чІогІа лаьтташ бу. Цунна тІе дІаяздина хІара дешнаш ду: «Везачу Элана бевза Шен долахь берш». Кхин а боху: «ХІора а, ша Везачу Элан ву бохург, зуламах къахка веза».
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода