Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ткъа шун кхиамаш алсамбуьйлу тешарехь а, дашехь а, кхетамехь а, даггара хиларехь а, шайн тхоьга болчу безамехь а. Массо а оцу гІуллакхашца шу тІехдуьйлуш хиларе терра, шаьш дечу оцу дикачу гІуллакхна тІехь а тІехдовлуш хуьлийла шу. Иштта муьлххачу а хенахь комаьрша хІума дІакховдо алссам хьал а лур ду шуна Цо. ТІаккха дуккхаммо а, аша комаьршаллица дІакховдийнарг тхоьгахула дІа а эцна, Далла баркаллаш бохур ду. Цундела тхайна и хаам бинчу дийнахь дуьйна, шуна тІера даим доІанаш деш ду тхо. Оха доьху, Делан Сино мел луш долчу хьекъалца а, кхетамца а Делан лаам бовзарх шу дузийтар.
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода