Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Эпикураш а, стоикаш а аьлла, шайх цІе йоккхучу цхьаболчу Іилманчаша къуьйсура цуьнца. Царах цхьаболчара бохура: «ХІара хабарча хІун ала гІерташ ву?», вукхара бохура: «Иза, схьагарехь, хийра деланаш буьйцуш верг ву». Цара иштта алар бахьана дара ПахІала Іийсах а, веллачуьра денваларх а лаьцна дийцар. Суна эхь ца хета хаза кхаъ дІакхайкхо, хІунда аьлча и кхаъ Делан ницкъ бу Іийсах мел тешарг кІелхьарваккха – хьалха жуьгтий, тІаьхьа кхечу къаьмнех болу нах а. Цу хазачу кхоэхула шу а кІелхьардохуш ду, нагахь аса кхайкхийна кхаъ ма-бохху аша ларбахь. Иза кхечу тайпана хилча, шу цунах эрна тешнера. Нагахь оха кхайкхош болчу хазачу кхоана дуьхьал цхьанна пардо хІуттуш делахь, иза валаран некъа тІехь болчарна ду иштта.
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода