Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Дела вовзарна дуьхьал лакхайоккху муьлхха а куралла а йохайо оха цаьрца. Муьлххачу а ойланашна цаьрца йийсар до оха, уьш Дала леррина Къобалвинчунна муьтІахь ярхьама. Сан вежарий! Дала леррина къобалвинчу Іийсах, вайн сийлаллин Элах, а тешаш, озабезамца цхьаьнга ма хьажалаш. Нагахь шун гуламе, дашо мухІар а доьллина, деза духар дуьйхина хьалдолу стаг веача а, беркъа духар дуьйхина къен стаг веача а, аша, деза духар дуьйхина волчу стаге а хьаьжна, цуьнга ала мега: «Кхузахь дика хир ду хьуна, охьахаа», ткъа къечуьнга ала мега: «Хьо хьуьлла дІахІотта, я кхуза, сан когашка, охьахаа». Иштта дича, шайна юкъахь къестамаш кхуллий те аша? Харц-ойланаш йолу кхелахой хуьлий те шух? ЛадогІийша, сан хьомсара вежарий, дуьнен чуьра къен нах Дала ца хаьржина те? Тешарехь хьал долуш хилархьама а, Ша везачарна лур ду аьллачу олалле кхачийтархьама а Дала уьш ца хаьржина те?
1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода