Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Шун товрат-хьехамна тІехь а яздина ду, шина стага дина тоьшалла бакъ ду аьлла. Къайлаха долу зулам хІинцале а къахьоьгуш ду. Амма хІинца а иза сецош волчо кхин дІа а сецор ву, новкъара иза Дала дІаваккхалц. Сан динан бераш! ХІара кху дуьненан тІаьхьара зама ю. Шуна хезнера, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг вогІур ву аьлла. Ткъа хІинцале а дукха баьржина Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал берш. Цунах хаьа вайна, хІара билггал тІаьхьара зама юйла. Ткъа мила ву уггар харцлуьйриг? Иза ву Іийса Дала леррина Къобалвинарг хилар тІе ца лоцург. Иштта стаг Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг ву – стигалара Да а, Делан КІант а тІе ца лоцу цо. ХІунда аьлча адамаш Іехош болу дуккха а нах баьржина дуьнен чохь. Цара Дала леррина къобалвина волу Іийса, адам санна, дуьнен чу валар тІе ца дуьту. Иштта волу хІора стаг адамаш Іехориг а, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг а ву.
Выбор основного перевода