Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ткъа Аса боху шуьга: шайн мостагІий беза, хьайна зулам деш берш Деле беха – шайн стигалахь волчу Ден бераш шу хилийта. Цо цхьа а ца къаставо шуна: Цо малх массарна а къоьгуьйту – дикачунна а, вочунна а. ДогІа а Цо цхьатерра доуьйту Шен лаамехь болчарна а, боцучарна а. Іийсас жоп делира цуьнга: «Царах коьртаниг хІара ду: „ЛадогІа, Исраилан халкъ! Вайн Веза Дела – цхьа Веза Эла ву! Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, дерриг а хьекъалца а, берриге а ницкъаца а веза“, И ду коьрта гІуллакх! ШолгІаниг а иштта ду: „Хьайн уллораниг хьо санна веза“. Царал коьртанаш цхьа а дац». ХІинца керла гІуллакх тІедуьллу Ас шуна: вовшийн дезаш хила. Суна шу ма-деззара, иштта шуна а дезийла вовшийн. Юьххьехь дуьйна а вайна кхайкхийна болу хаза кхаъ вай вовшийн дезаш хила деза аьлла бу.
Выбор основного перевода