Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
УьстагІийн аматехь шайна дуьхьал хІуьттуш болчу харц-пайхамарех ларлолаш. Кийрахь луьрачу берзан дог ду шуна церан. Цаьрга Іийсас элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш. Массо а хІума зен а зуьйш, диканиг схьалацалаш. Халкъана юкъахь харцпайхамарш ма-хиллара, шуна юкъахь а харцхьехамчаш хир бу. Шайн къинойх мах дІабелла волу Хьалдолу Эла дІа а тесна, стаг хІаллакьхуьлуьйту харц хьехамаш чубахьар бу цара. Иза бахьана долуш шайн хІаллакьхилар гергахьа узур ду цу наха. Сан динан бераш! ХІара кху дуьненан тІаьхьара зама ю. Шуна хезнера, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг вогІур ву аьлла. Ткъа хІинцале а дукха баьржина Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал берш. Цунах хаьа вайна, хІара билггал тІаьхьара зама юйла. ХІунда аьлча адамаш Іехош болу дуккха а нах баьржина дуьнен чохь. Цара Дала леррина къобалвина волу Іийса, адам санна, дуьнен чу валар тІе ца дуьту. Иштта волу хІора стаг адамаш Іехориг а, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг а ву.
Выбор основного перевода