Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ХІунда аьлча вайна бер дина – кІант велла вайна. Олалла хир ду Цуьнан белшаш тІехь. Цунна цІе туьллур ю: Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела, Гуттар а волу Да, Машаран Эла. Амма, вай хьарамлонаш лелош долчу хенахь, вайн дуьхьа велла Дала леррина Къобалвинарг. Цу тайпана Шен вайга болу безам мел боккха бу гойту Дала. Вай Шен мостагІий долчу хенахь Дела вайца тайра Шен КІентан валарца. Дала Шеца тайтина долу вай, хІинца муххале а Цуьнан КІантехула кІелхьардевр ду, КІант дийна волу дела. Иза вайн къинош дІадахаран сагІа ду. Ткъа и сагІа, вайн къиношна тІера тоьъна а ца Іаш, дуьнен чуьра массо а адамийн къиношна тІера тоьар ду.
Выбор основного перевода