Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Юха элира Цо: «Сан юьхь хьуна ган мегар дац, иза гина стаг дийна вуьсур вац». Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Ткъа Шен Деца волчу, цхьаъ бен воцучу КІанта беана Делах болу кхаъ, Иза вайна вовза а вовзуьйтуш. И цхьаъ бен вац Іожалла тІейогІур йоцург. Цхьа а адам тІекхочийла доцучу нуьрехь Іаш ву Иза. Цхьанна а адамна Иза гина а вац, цхьанна а адамна Иза гойла а дац. Цунна ду сийдар а, абаден олалла а. Амин. Ткъа Делан дош лардеш волчунна чохь Делан безам билггал буьззина бу. Вай билггал Делаца хиларан билгало иштта ю: Вайна чохь безам буьззина хилар иштта гучудолу: вай къематан дийнахь доьналла долуш хир ду, вай кху дуьнен чохь Иза санна лела дела.
Выбор основного перевода