Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ткъа мурдаш баккхийберах а, Делан Синах а буьзна бара. Амма тІаьхьа ца хІиттина, Іийсах а ца тешна, хьагІ лаьцна болу жуьгтий, гІалин майданара харцахьа лела нах схьа а эцна, тобане а гулбелла, гІала марсаяха хІиттира. Ясонан цІийна улло а баьхкина, ПахІал а, цуьнан накъостий а халкъана хьалха хІитто гІертара уьш. ПахІалгІар ца карийча, цара Ясон а, кхин а цхьаболу динан вежарий гІалин хьаькамашна тІе дІатакхийра, маьхьарий а хьоькхуш: «Кху дуьненан а синтем байина хІара нах хІинца кхуза а кхечи, Ясона хІорш тІе а ийци! Берриш хІорш паччахьо тІедиллинчунна дуьхьал бовлуш бу, кхара кхин паччахь ву боху, иза Іийса ву а боху». Цу хаамо адам а, гІалара Іедал а карзах даьккхинера. Ясонера а, вукху динан вежаршкара а закъалт а даьккхина, уьш дІахийцира цара. Динан вежарша ПахІал а, Сали а цу сохьта буьйсанна Берия олучу гІала дІавахийтира. Цига дІа а кхаьчна, уьш жуьгтийн гуламан цІийне бахара. Цундела ас доьху шуьга: сох масал а эций, хилийша сох тера. Сох тера хила гІерталаш, со а Дала леррина Къобалвинчух тера хила ма-гІерттара. Динан вежарий! Кхиберш санна, сох масал оьцуш хилийша. Оха шуна гайтинчу масалца бехачаьрга хьовсалаш. Динан вежарий, шу ЯхІуд-махкарчу динан тобанех тарделла. Цу тобанийн нах Делах тешаш а, Дала леррина къобалвинчу Іийсан долахь болуш а белахь а, цара шайн махкахошкахьара баланаш хьегна. Царах терра аша а изза баланаш лайна шайн цхьанатайпанах болчу нехан карах. Иштта дуьхьалваьлла леларг адамна дуьхьал ца волу, ткъа вайна Шен Деза Са лучу Далла дуьхьал волу. Шуна шайна а ма хаьа, шу, тхо ма-леллара, лела дезийла. Оха шу долчохь мало ца йора. Иза-м тхайн бакъо яц аьлла а доцуш, шуна тхайгара дика масал далийта дора оха, шун а иштта лела лаам хилийтархьама.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода