Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
Царах цхьаберш, Іийсах а тешна, ПахІалах а, Салих а дІакхийтира. Далла Іамал еш болу дуккха а Грекийн-махкара нах а, лоруш болу зударий а бара царна юкъахь. Цкъа хІинца долуш дерг хІара кхоъ ду: тешар, сатийсар, безам. Ткъа безам царах уггаре а лакхара бу. ХІунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Іийсах шун тешар хиларх а, массо а Делан долахь берш шуна безарх а лаьцна хезна тхуна. Шу иштта лела, стигалшкахь шайна кечдина долчуьнга шаьш сатуьйсуш долу дела. Цунах лаьцна хазачу кхоан билггал бакъдолчу дашехула хьалха а хезнера шуна. Ткъа хІинца Тимапи шу долчуьра схьавеана. Шун тешарх а, безамах а, шуна тхо даим а диканца дагахь латтарх а, тхуна шу санна, шуна а тхо ган лаарх а лаьцна дика хабар деана цо тхоьга. Динан вежарий! Вай Далла баркалла ала деза, Іийсах тешарехь шу чІагІлуш долу дела. Иза баккъалла а иштта ду, хІунда аьлча шуна массарна а юкъахь хІораннан а вовшашка болу безам кхин а алсамбуьйлуш бу. Цундела шуна тІера оха даим доІанаш до, Ша кхайкхинчу дахарна вайн Дала шу хьакъ долуш хилийтар доьхуш. Муьлхха а дикачу ойланца шуна дан лууш дерг а, Делах тешарца аша деш долу муьлхха а гІуллакх а Деле Шен ницкъаца кхочушдар доьху оха. Делан безам бовза а, Дала леррина къобалвинчу Іийсан собар довза а шун дегнаш Везачу Эло тІехьажадойла. ХІунда аьлча нийса доцург дац Делехь. Цунна дицлур дац шун гІуллакхаш а, аша Цуьнан нахана тохара а, хІинца а гІодарца Цуьнга гайтина болу безам а. Иштта ду тешар а, нагахь цуьнца цхьаьна деш гІуллакхаш дацахь, иза делла ду.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода