Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
ПахІал хьалха Дербе а, юха Листаре а веара. Цигахь Іаш Іийсан мурд вара, Тимапи цІе а йолуш. Цуьнан нана Іийсах тешаш йолу жуьгти яра, ткъа да грек вара. Уьш, Ампиполехула а, Аполлонехула а чекх а бевлла, Тассалник-гІала баьхкира. Цигахь жуьгтийн гуламан цІа дара. Ша гуттар а ма-ваххара, кхаа шоьтан дийнахь цу чу а воьдуш, Делан Йозанаш тІера масалш а далош, нахаца къамел дора ПахІала. Цо дуьйцура цигахь гулбеллачу нахана Дала леррина Къобалвинчун баланаш лан дезарх а, веллачуьра Иза денваларх а лаьцна. Ас шуьга вуьйцуш волу и Іийса Дала леррина Къобалвинарг ву бохура ПахІала. Царах цхьаберш, Іийсах а тешна, ПахІалах а, Салих а дІакхийтира. Далла Іамал еш болу дуккха а Грекийн-махкара нах а, лоруш болу зударий а бара царна юкъахь. Амма тІаьхьа ца хІиттина, Іийсах а ца тешна, хьагІ лаьцна болу жуьгтий, гІалин майданара харцахьа лела нах схьа а эцна, тобане а гулбелла, гІала марсаяха хІиттира. Ясонан цІийна улло а баьхкина, ПахІал а, цуьнан накъостий а халкъана хьалха хІитто гІертара уьш. ПахІалгІар ца карийча, цара Ясон а, кхин а цхьаболу динан вежарий гІалин хьаькамашна тІе дІатакхийра, маьхьарий а хьоькхуш: «Кху дуьненан а синтем байина хІара нах хІинца кхуза а кхечи, Ясона хІорш тІе а ийци! Берриш хІорш паччахьо тІедиллинчунна дуьхьал бовлуш бу, кхара кхин паччахь ву боху, иза Іийса ву а боху». Цу хаамо адам а, гІалара Іедал а карзах даьккхинера. Ясонера а, вукху динан вежаршкара а закъалт а даьккхина, уьш дІахийцира цара. Динан вежарша ПахІал а, Сали а цу сохьта буьйсанна Берия олучу гІала дІавахийтира. Цига дІа а кхаьчна, уьш жуьгтийн гуламан цІийне бахара. Рим-гІалахь бехаш болчу Далла безначаьрга, Цуьнан долахь хила къастийначаьрга массаьрга а яздо аса: Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу доккха дика а, синпаргІато а хуьлда шуна. ХІунда аьлча шуна юкъахь Цунах лаьцна оха – аса а, Салис а, Тимапис а – хьехамаш бина волу Делан КІант, Дала леррина къобалвина Іийса, ма вацара цхьана хенахь цкъа «хІаъ», тІаккха «хІан-хІан» олуш. Цуьнгахула Делан «хІаъ» хилла дІахІоьттира. Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, машар а хуьлда шуна. Динан вежарий, шу ЯхІуд-махкарчу динан тобанех тарделла. Цу тобанийн нах Делах тешаш а, Дала леррина къобалвинчу Іийсан долахь болуш а белахь а, цара шайн махкахошкахьара баланаш хьегна. Царах терра аша а изза баланаш лайна шайн цхьанатайпанах болчу нехан карах. ПахІала а, Салис а, Тимапис а хІара кехат яздо Тассалник-гІалара вайн Да волчу Делах а, Веза Эла волчу Іийсах а тешначийн тобане. Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, синпаргІато а хуьлда шуна.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода