Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
Уггар а хьалха шуна массарна а тІера Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Далла хастамаш бо аса, хІунда аьлча дуьнен тІехь массанхьа а дуьйцуш ду шун тешарх лаьцна. Сайн доІанашкахь шух лаьцна даим ас доьхуш хиларан сан теш Дела ву, ас Шена даггара, Цуьнан КІантах лаьцна болу хаза кхаъ кхайкхош, гІуллакх деш волу. сайн доІанашкахь, шу дага а лоьцуш, саццаза шуна тІера Далла баркаллаш боху аса. Шу дага мосазза догІу, аса хастамаш бо сайн Деле. Шуна массарна тІера айса мел до доІа даим хазахетарца до аса, Шуна тІера доІанаш а деш, оха даим хастамаш бо вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Да волчу Далла. Динан вежарий! Вай Далла баркалла ала деза, Іийсах тешарехь шу чІагІлуш долу дела. Иза баккъалла а иштта ду, хІунда аьлча шуна массарна а юкъахь хІораннан а вовшашка болу безам кхин а алсамбуьйлуш бу. Цундела шуна тІера оха даим доІанаш до, Ша кхайкхинчу дахарна вайн Дала шу хьакъ долуш хилийтар доьхуш. Муьлхха а дикачу ойланца шуна дан лууш дерг а, Делах тешарца аша деш долу муьлхха а гІуллакх а Деле Шен ницкъаца кхочушдар доьху оха.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода