Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. Эхартан карара Аса уьш паргІатбохур буй те? Іожаллех Аса уьш кІелхьарбохур буй те? Іожалла, мичахь ду хьан уьнаш? Эхарт, мичахь бу хьан бохам? Айса динчунна Со дохковер вац! Иза а аьлла, церан бІаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Іийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦІеххьана царна хьалха кІайн духар тІехь долу ши стаг дІахІоьттира. «Галилай-мехкан бахархой, – элира цара, – шу хІун деш лаьтта, стигала а хьоьжуш? Шу долчуьра Іийса стигала хьалавоккхуш шуна гина ма-хиллара, Иза иштта юха а вогІур ву». Амма Дала веллачуьра денвира Иза, Іожаллин багара а ваьккхина. Іожаллин ницкъ ца кхечира Иза шен карахь сацо. ХІунда аьлча Цо билгалдаьккхинчу дийнахь Ша къастийначу Стагехула дерриг а дуьненна нийсонца кхел йийр ю, массарна а тоьшаллина Иза веллачуьра ден а вина». Іийсан цІийца вай бакъдина хилча, Цуьнгахула муххале а кІелхьардевр ду вай Делан оьгІазлонах. ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун гІуллакх бахьанехь вала гергга вара иза. Шу суна гІуллакх дан йиш йоцуш хиларна, цо, шен дахар а ца кхоош, шун метта, суна гІо дора. Ткъа мила ву хІинца тхуна дегайовхо луш верг, я тхуна хазахоьтуьйтуш верг, я тхан сийлаллин таж? Шу-м дац те уьш, тхан Веза Эла волчу Іийсана хьалха, Иза кху дуьнен чу юхавогІуш, хиндерш? ХІунда аьлча Веза Эла коьртачу маликан озаца а, Делан турба лакхарца а, Ша стигалара охьавуссур ву, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш а болуш белларш хьалха денлур бу. Вай Дала оьгІазлонна а доцуш, ткъа вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула вайна кІелхьардовлар далархьама хаьржина ду. Вай иштта лела деза, къобалдинчу сатийсаре ла а дуьйгІуш: иза хир ду сийлахьчу Делан а, вайн КІелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсан а сийлалла схьадар. Делан де тІекхачаре сатуьйсуш а, и тІедар сихдеш а ду шу. Цу дийнахь цІе летта йолу стигалш юхур ю, стигалахь мел дерг, догуш, дешар ду.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода