Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Шайн дола даккха шу чугІуртучу лаьтта тІера халкъаш шун Везачу Дала дІадаьхча, аша уьш цигара дІа а лаьхкина, церан лаьтта тІехь шу даха охьахевшича, ларлолаш речІанна чу нисдаларх. Уьш шайн хьалхара хІаллакдина дІадаьхча, царна тІаьхьа шу ма довлалаш, церан деланаш леха ма долалолаш, ма бахалаш вовшашка: „ХІокху халкъаша шайн деланашна гІуллакх ма-дарра, оха а дийр ду“. Шайн деланашна цара Іамал ечу кепара шайн Везачу Далла Іамал ма елаш, хІунда аьлча цара шайн деланашна мел дийриг Везачу Элана дегаза хетарг а, ца дезарг а ду. Цара ур-атталла шайн кІентий а, шайн йоІарий а, шайн деланашна лоруш, цІергахь багабо.
Выбор основного перевода