Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ярушалаймехь дехачу халкъана паччахьо тІедиллира динан дайшна а, левихошна а догІуш долу ялтин а, сурсатийн а дакъа дІадалар, цаьрга Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушбан ойла хилийтархьама, кхечунна тІедерза а ца дезаш. Цу дийнахь билгалбехира чІоьнаш карахь долу нах. ХІора доьзало деш долу совгІаташ – дуьххьара схьабевлла болу стоьмаш а, ялтин уьтталгІа долу дакъа а – цу чІоьнаш чохь лардан дезаш дара. ГІаланашна гонах долчу кхаш тІера цара чІоьнаш чу схьадан дезаш дара товрат-хьехамаша динан дайшна а, левихошна а лерина долу дакъош, хІунда аьлча яхІудхой чІогІа хазахетта бара цигахь гІуллакх дечу динан дайшна а, левихошна а.
Выбор основного перевода