Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуна юкъара, шун вежарех, со санна, шун Везачу Дала Пайхамар воуьйтур ву шуна. Цуьнга ладогІа. Ас Сайн дешнаш хьан бага дехкина, Сайн куьйган ІиндагІехь хьо къайлаваьккхина, хьоьга стигалш дІасаяржаяйта а, лаьттан баххаш дІахІиттадайта а, Цийоне: „Хьо Сан халкъ ду!“ – алийта а». Зудчо элира Цуьнга: «Суна хаьа Машахь вогІур вуй». – (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду). – «Ша веача, Цо дерриге а хьоьхур ду тхуна». Іийсас элира: «Хьоьца къамел деш волу Со ву-кх И Къобалвинарг». Цундела Іийсас элира: «Шаьш Адамийн КІант хьалаваьккхича, тІаккха хуур ду шуна Со волуш Верг Со хилар а, Аса Сайгара хІума ца леладар а. Ткъа Сайн Дас хьехнарг бен ца дуьйцу Ас дуьненна. «Дала церан бІаьргаш бІаьрзе бинера, церан дегнаш а шога динера, церан бІаьргашна са ца гайта а, церан дегнаш тІаьхьа ца кхиийта а, уьш шайна гІо дайтархьама Шена тІе ца бахийта а. – Ас уьш то а бийр бара!» Иштта аьллера ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро, шена Іийсан сийлалла гича. Иза Іийсах лаьцна аьллера цо. Ур-атталла куьйгалхошна юкъара а дукхахберш тийшира Іийсах. Амма шаьш парушхойх кхерар бахьана долуш, цара ца хаийтира шаьш тешний. Уьш кхоьрура шаьш гуламан цІийнах дІакъасторах. ХІунда аьлча шайна адамашкара долу сийдар Дала сийдарал а сов дезарна. ТІаккха Іийсас дІакхайкхадира нахе: «Сох тешаш верг, Сох тешна а ца Іаш, Со Ваийтинчух а теша. Со гуш волчунна Со Ваийтинарг а го. Серло санна веана Со кху дуьнен чу, Сох тешнарг цхьа а боданехь ца витархьама. Нагахь санна цхьаммо Сан дешнаш шена хезча, уьш ца лардахь а, Ас цунна кхел йийр яц. ХІунда аьлча Со дуьненна кхел ян веана вац, амма дуьне кІелхьардаккха веана ву. Со юхатухуш а, Сан дешнаш тІе ца оьцуш а волчун шен кхел ю. Ас аьллачу дашо йийр ю цунна кхел тІаьххьарчу дийнахь. ХІунда аьлча Аса Сайгара ца боху, амма Со ваийтинчу Сан Дас весет дина Соьга, Аса хІун ала а, хІун дийца а деза олуш. Суна хаьа, Делан весето Ша волчохь хедар доцучу дахаре валавой. Цундела Айса бохург, Сайн Дас ма-аллара, боху Ас». И Ахь Суна делла дешнаш Ас цаьрга дІаделла. Ткъа цара и дешнаш тІеийцира. Уьш кхийтира, баккъал а Со Хьох схьаваьллий. Уьш тийшира Со Ахьа вахийтина хиларх.
Выбор основного перевода