Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь санна шуна юкъахь цхьа пайхамар я цхьа гІенаш гург хаалахь, цо шуна тамашийна билгалонаш, я инзаре хІуманаш довзийтахь, ткъа йийцина йолу тамашийна билгалонаш а, инзаре хІуманаш а кхочуш а хилла, цара иштта алахь: „Кхечу деланашна тІаьхьа а хІуьттур ду вай, царна гІуллакх а дийр ду вай“, и деланаш шуна бевзаш ца хиллехь а, – Ткъа и пайхамар я и гІенаш гург Іожаллин кара дІало, шу Мисар-махкара арадаьхначу а, лоллин цІийнара паргІатдаьхначу а шайн Везачу Делах шу дІадерзийтархьама къамелаш ишттачу наха до дела. Ткъа царна шу галдаха ма лаьа шун Везачу Дала весет дина болчу некъа тІера. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «Цу пайхамарша Сан цІарах бинарш харцкхайкхамаш бу. Уьш Аса баийтина а, къобалбина а бац, Аса цаьрга хІумма а ца элира. Цара бо хаамаш харцсуьрташна а, даьссачу паьлнашна а, шайн дегнийн Іехорна а тІехь лаьтташ бу. Цундела Веза Эла волчу Аса Сайн цІарах хаамаш беш болчу цу харцпайхамарех лаьцна боху: уьш Аса баийтина бац. Цара Соьгара долуш санна боху, хІокху лаьтта тІе, герз карахь а долуш, мостагІий богІур бац, иштта кхузахь мацалла а хІуттур яц. Ткъа и пайхамарш тур а, мацалла а бахьана долуш лийр бу.
Выбор основного перевода