Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цунна тІе хаттарца: «Хьо вуй и ван везаш верг, я тхо кхечуьнга хьоьжуш Іан деза?» Массо а Деле болчу ларамах буьзира. Юха Далла хастамаш бан хІиттира уьш. Цхьаболчара бохура: «Веза пайхамар веана вайна юкъа». Вукхара бохура: «Дела веана Шен халкъана гІо дан». Цуьнга юха а хаьттира: «Ткъа хьо мила ву? Эли-ЯхІу-пайхамар вуй хьо?» «И вац со». «Делахь билггала ван веза пайхамар ву хьо?» «Вац», – аьлла, жоп делира Яхьъяс. И дешнаш шайна хезча, нахах цхьаболчара олура: «Иза билггал ван веза пайхамар ву-кх». Муса-пайхамаро а ма аьлла: „Шун Везачу Дала, шун вежарех Пайхамар хІоттор ву шуна юкъахь, со санна. Цо бохучу массо а хІумане ладогІалаш. И вара изза Муса, исраилхошка баьхна волу: „Дала шуна со санна волу Пайхамар воуьйтур ву шун халкъана юкъара“.
Выбор основного перевода