Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
ДІа а, схьа а хьаьжна, уллохь цхьа а ца гича, тоьхна, и мисархо вен а вийна, гІамарла воьллира Мусас. «Тхуна тІехь хьаькам а, кхелахо а хьо хьан хІоттийна? Айхьа вийна мисархо санна, со вен-м ца гІерта хьо?» – элира цу стага. ТІаккха Муса кхеравелира. «ХІинца ас динарг массарна а хиъна», – аьлла, дагадеара цунна. Цул тІаьхьа цуьнан ший а кІант, Махьлан а, Халин а, дІакхелхира. ТІаккха шен шина кІантах а, цІийндех а яьлла, и зуда ша йисира. «Везачу Эло декъалвойла иза. Дала, Шен дош кхочушдеш, беллачарна а, бисинчарна а диканиг до. БоІаз-м вайна юххера, гергара стаг ву. Иза, вай Іалаш а деш, вайна гІо дан дезачарех цхьаъ ву», – элира марнанас.
Выбор основного перевода