Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а Со дуьхьалвеана „Нуьцкъала Дела“ цІе а йолуш, ткъа „Веза Эла“ бохучу цІарца Ас царна Со вовзийтина вац. Эххар а Марра цІе йолчу метте баьхкира уьш. Цигахь царна карийна хи къаьхьа долуш мала ца лора. Цундела тиллинера цу меттиган цІе Марра (ткъа иза «къахьалла» бохург ду). Нуьцкъалчу Делан пхерчий ду сан дегІах дохкуш. Сан синна хаало церан дІовш, Делан къематаш ду суна тІедерзийна. «Аса чІагІо йо суна нийса кхел ца йойтуш дийна волчу Делах а, сан дагна сингаттам баьккхина волчу Нуьцкъалчух а,
Выбор основного перевода