Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Къа ду хьан, Муаби-мохк! Камош-цІун халкъ, хІаллакьхили хьо! Цо шен кІентех дІасабевддарш хилийти, йоІарий эмархойн паччахьо Сихьона йийсаре биги. «Хьайн марнанна ахь мел динарг суна дийцина. Хьайн цІийнда веллачул тІаьхьа, хьайн да-нана а дитина, хьайн мохк а битина, хьайна девзаш доцучу къомана тІееана хьо. Везачу Эло декъала йойла хьо, ахь бинчу оцу дикачу балхана! Буьззина мах хадабойла Исраилан халкъан Везачу Дала, Цуьнан тІома кІел хьо ларъяйта еанчу хьан!» – жоп луш, элира БоІаза. ТІаккха Сулим-паччахьо Ярушалайм-гІалина малхбалехьа лаьттачу борзана тІехь цІу-деланашна Іамал ен меттигаш дІахІиттийра: муабахойн цІунна Камошна а, Іамминхойн цІунна Мулкана а. И цІуш Далла хьалха боьха лоруш бу. Эли-ЯхІус ЭлишаІе элира: «ЭлишаІ, хьо кхузахь сацахьа, хІунда аьлча со Везачу Эло Бетал-гІала хьажийна». Ткъа ЭлишаІа жоп делира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чІагІо йо ас, со хьох дІакъаьстар вац аьлла». И шиъ Бетал-гІала дІавахара Ткъа кевнера кІа цІандеш йолчу ялхочунна наб кхеттера. Рахбий, БаІний Иш-Бошатан цІа чу велира. Цуьнан гайх тур а Іоьттина, уьш бевдда дІабахара. Ялта схьагулдечу цхьана дийнахь, пІелаштамхой шайн меттаматтаца репахойн тогІи чохь лаьтташ а болуш, ткъе итт баьччанех волу кхо стаг Дауд волчу веана Іадулам олучу хьеха чу. ТІаккха Муабин халкъ юьхьІаьржачу хІуттур ду Камош бахьана долуш, Исраилан тІаьхье, Бетал-гІалахь болчу цІуйх а тешна, юьхьІаьржачу хІоттаре терра. Къа ду хьан, Муабин къам! Камош-харцделан халкъ, хьо хІаллакьхилла! Хьан кІентий кхечу махка дІабигина бу, ткъа хьан зудабераш йийсаре дІадигина ду.
Выбор основного перевода