Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
ТІаккха Іелас элира: «Хьоьга хІун элира? Хьайга аьллачух хІумма а къайладаккха ма гІерта. Дала хьуна чІогІа таІзар дийр ду, ахьа сох хІумма а къайладаккхахь». Іамасаига а дІаала: „Хьо сан гергара вуй те? Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла суна, аса хьо, дерриг а эскарна тІехь хьаькам а вина, сайна улло, Йоабан метта, гуттаренна а дІа ца хІоттавахь!“» ТІаккха Сулим-паччахьо, Везачу Элах дуй бууш, элира: «Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла суна, и дешнаш Адан-ЯхІус шен Іожаллина ца аьллехь. «Везачу Эло, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла суна, нагахь Шаптин кІант волчу ЭлишаІан корта тахана цуьнан белшаш тІехь бисахь!» – элира паччахьо.
Выбор основного перевода