Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Везачу Эло царна мехкан куьйгалхой хоржура. Цара уьш талораш деш лелаш болчарах ларбора. Амма Даудаца болчара элира: «Кхузахь, ЯхІуд-махкахь а, кхоьруш ду вай. КъаІила-гІала а дахана, вай пІелаштамхойн эскарна дуьхьалхІиттича, кхин а кхераме хир ма ду!» ТІаккха Дауд юха а Везачу Элах дагавелира. Цо Дауде элира: «Хьала а гІаттий, КъаІила-гІала дІагІо. Аса пІелаштамхой хьан кара дІалур бу». Цул тІаьхьа Дауда пІелаштамхошна тІехь толам баьккхира. Иштта, цо пІелаштамхойн карара цу лаьтта тІехь хилла олалла схьадаьккхира.
Выбор основного перевода