Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Соьга хІунда кхойкху хьо? Исраилхошка дІадуьйлало ала. Мусас куьйгаш хьалаайича, исраилхой тоьлура, ткъа цо уьш охьадахийтича, Іамалекхахой тулура. Амма Мусас шен Везачу Деле дехар дира: «Веза Эла, Айхьа боккхачу ницкъаца а, ондачу куьйгаца а Мисарара арадаьккхинчу Хьайн халкъана тІе Хьайн оьгІазалла иштта хІунда юссуьйту Ахь? АхІаронан коьрта тІе даьтта доьттира Мусас, иза къобалвархьама. Амма Мусас элира Везачу Эле: «Ахьа шайна юкъара Хьайн ницкъаца хІара халкъ арадаьккхинчу мисархошна хезар ду иза, Шамъала, бекхачуьра къастоза болу Іахар схьа а эцна, цунах Везачу Элана лерина долу сагІа даьккхира, Исраилан халкъана гІо доьхуш. Цуьнан доІа Везачу Элана дІахезира. Цара Шамъале элира: «Хьайн Везачу Деле тхуна, Цуьнан лешна тІера, доьхуш, доІа дахьара ахьа, тхо ма дайа алахьара ахьа. Тхаьш летийначу къиношна тІе кхин а цхьа къа латийна оха, тхайна паччахь а вехна». Везачу Эло соьга элира: «Муса-пайхамар а, Шамъал-пайхамар а ЯхІудан халкъан дуьхьа Суна хьалха дехарш деш хилча а, Аса цу халкъах къинхетам бийр бацара. ДІалахкахьа Со волчуьра и нах, дІабахийтахьа уьш.
Выбор основного перевода