Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза тарх а ю, Цуьнан гІуллакхаш кхоччуш а ду. Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду. Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо. Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву. Веза Эла нийса а ву, Цунна нийсо а еза. ДогцІеначунна Цуьнан юьхь гур ю. Ахь нийса кхел йийр ю суна, бакъдерг Хьуна дика ма го. Везачу Эло бакъонца дерг а кхуллу, ницкъ хиллачунна а нийсо хилийта хьожуш ву Иза. «ХІунда аьлча Суна, Везачу Элана, нийса кхелъяр деза, ницкъбарца долу талор ца деза. Тешаме а волуш, Ас совгІат лур ду царна, гуттаренна болу барт а бийр бу цаьрца. «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду.
Выбор основного перевода