Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тоьшаллин тІорказна тІехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, негІарна тІехула хьуна дуьхьал а вогІур ву, хьоьга вист а хир ву Со. Цигахь Исраилан халкъана дан дезарг тІедуьллур ду Ас хьоьгахула». Нах Шилуне а бахийтина, цигара массо а ницкъашна тІехь волчу Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тІорказ схьадаийтира. ТІорказан негІар тІехь Іаш дашо деза ши малик дара. Царна тІехула яра Везачу Элан меттиг. Цу тІорказна уллохь Іелин ши кІант вара, Хьапний, Пайнехьассий. Дауд а, цуьнца долу массо адам а ЯхІуд-махкарчу БаІала-гІала дахара, цигара Делан деза тІорказ схьадан. Цу тІорказца йоьзна цхьа леррина цІе ю: массо а ницкъийн Везачу Элан цІе. ТІорказан негІар тІехь дина дІахІоттийна дашо ши каруб-малик ду. Царна тІехула ю Везачу Элан меттиг. Исраилан халкъан Іу, ладогІахьа! Юсупан тІаьхье, жа санна, дІадуьгуш верг, каруб-маликашна тІехула йолчу Іаршана тІехь хиъна Іаш верг, Хьуо гайтахьа Везачу Эло паччахьалла до. Цунна тІехь сийлаллин духар ду. Веза Эла духар дуьйхина ву, Цо ницкъан доьхка дихкина. Дуьне онда лаьтташ а ду, иза меттахдер а дац. Везачу Эло Шен возалла гойтучу хенахь Цунна суждане гІойша. Дерриг а дуьне, дегаде Цунна хьалха! Латта декъалуш ду, латта аталуш ду, иза чІогІа дегош ду.
Выбор основного перевода