Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кху тептар тІехь яздина тІедиллинарг а, хьехамаш а аша кхочуш ца бахь, шайн Везачу Делан сийлахьчу а, буьрсачу а цІарах шу ца кхерахь, ЮшаІа элира халкъе: «Везачу Элана Іамал ялур яц шуьга, хІунда аьлча Иза Веза Эла ву, Цо могуьйтур дац шуна низамехь цахилар а, къинош летор а. Веза Эла сийлахь Дела ву, Массо а деланашна тІехь сийлахь Паччахь ву Иза. qac Тqac*утмакхаш болчуьра паргІатдаккхина Цо Шен халкъ, хІоттийна Цо абаденналц Ша бина барт. Цуьнан цІе еза а, ларамах бузуьйтуш а ю! Вовшашка кхойкхуш, бохура цара: «Веза ву, веза ву, веза ву массо а ницкъийн Веза Эла! Дерриг а латта Цуьнан сийлаллех дуьзна ду!»
Выбор основного перевода