Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла сан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа ас назма олу, Цунах суна КІелхьарвоккхург хилла дела. Иза сан Дела ву, Цунна хастам бо ас. Сан ден а Дела ву Иза, цундела ас лору Иза. «ДІаала массо а исраилхошка: „ЦІена хила, хІунда аьлча Со, шун Веза Дела, цІена ву. Хьала а гІаьттина, Дауд-паччахьо элира: «ЛадогІалаш соьга, сан вежарий а, сан халкъ а! Суна даггара лиира Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тІорказ лардан меттиг кечъян. Суна лиира вайн Везачу Далла когийн кІело хир йолу хІара меттиг дІанисъян. Аса Делан цІа дІахІотто кечам бина. Хьо сан Дела ву, ткъа ас хастамаш бийр бу Хьуна. Хьо сан Дела ву, ткъа ас вазвийр ву Хьо. Цуьнан хІусаме а дахана, Цуьнан когийн кІелонна хьалха суждане гІур ду вай. Вовшашка кхойкхуш, бохура цара: «Веза ву, веза ву, веза ву массо а ницкъийн Веза Эла! Дерриг а латта Цуьнан сийлаллех дуьзна ду!» Ливанун-махкара сийлахь дитташ – зоьзан а, базанан а, баганан а цхьаьний – хьуна схьадахьар ду. Цаьрца хаздийр ду Сан деза цІа, тІаккха Ас сийдийр ду Сайн когийн меттиган. Цу деъа а дийнатан хІораннан а гонах ялх-ялх тІам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бІаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура: «Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла, хилла волу а, волуш волу а, вогІун волу а массо ницкъийн Веза Дела», – бохуш.
Выбор основного перевода