Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа ахьа боху: „ХІун хаьа Далла? Цуьнга адамна кхел ялур юй те юькъачу мархашна юкъара схьа?“ Нахаца леларг бода тІебаре хьоьжу, цунна моьтту: „Со цхьанна а гур вац“, шен юьхь а цо туьтмІаьжигаца дІакъовлу. Шен дагахь цо олу: «Далла дицделла ас динарг. Шен юьхь дІа а ерзийна, ца го Цунна ас лелориг». Іесачунна Дела дегаза хІунда хета те, шен дагахь: «Ахьа-м жоьпе озор вацара со», – олуш? ТІаккха Цо элира: «Адаман кІант, гой хьуна Исраилан халкъан къаноша боданехь, шайн-шайн цІушна лерина йолчу меттехь, дийриг? Цара хІораммо а ша-шега боху: „Тхо Везачу Элана гуш дац, Веза Эла хІокху махка тІера дІавахана“».
Выбор основного перевода