Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІело йиначарна Веза Эла гІап санна а ву, баланаш тІехІиттинчу заманахь тІетовжа меттиг а ю. Декъазчо ечу ойланех шу кхаьрдаш делахь а, Везачу Эле цо ша лар ма войту! Веза Эла – сан чхар, сан чІагІо, со КІелхьарваккхархо ву. Сан Дела сан тарх ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кІелхьарваларан ницкъ а бу. Иза со къайлавоккху меттиг а ю. Ва сан Ницкъ, Хьоьга ас кхойкху, хІунда аьлча Хьо, Дела, сан гІап ю. Дукхахболчарна сан дахар тамашийна хета, хІунда аьлча Хьо со нуьцкъала Ларвийриг ву.
Выбор основного перевода