Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара. Вовшех а бетталуш, теба а тебаш, со воьду меттиг ларйо цара, сан са эцархьама. Іесаниг бехказаваккхар а, хьаналниг бехкевар а – и ший хІума а Везачу Элана дегаза хета. Цундела пачхьалкхана тІехь урхалла дарехь Даниал бехке ван бахьана лоьхуш бара элий а, тхьамданаш а. Амма иза тешаме волу дела, царна цхьа а бахьана ца карадора. Цуьнгара цхьана а тайпанара ледарло ца йолура, цхьа а бехк баккха хІума а ца нислора. ШолгІачу Іуьйранна массо а динан коьртачу дайша а, къаноша а гуламехь, цхьаьна а кхетта, Іийса вейта барт бира. Цо элира: «Къа латийна аса сайх, бехк боцучунна ямартло а йина». Амма цара цуьнга элира: «Тхуна хІун ду иза? Иза хьайна хуур ду хьуна».
Выбор основного перевода