Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Везачу Элан дакъа Цуьнан халкъ ду. Якъубах схьадолу къам Цуьнан долахь дерг ду. Шен цІе ларъярхьама Везачу Эло Шен къам дІатесна дуьтур дац, хІунда аьлча Шен лаамца Цо, шу Шен къам ду аьлла, хаьржина. Со хир ву Сайн исраилхошна юкъахь. Ас дуьтур дац Сайн долахь долу Исраилан халкъ». Хуьлийла вайн Веза Дела вайца а, Ша вайн дайшца ма-хиллара, дІа ма воьрзийла Иза вайгахьара, ма дуьтийла Цо вай. Дала дІа ца тесна хьалххе дуьйна Ша хаьржина долу Шен халкъ. Шуна ца хаьа, хІун боху Эли-ЯхІу-пайхамарах лаьцна Делан Йозанашкахь? Исраилан халкъах лаьцна Деле латкъам беш, иштта боху цо:
Выбор основного перевода