Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь иштта-м дойла ма яц! Хьан лаамехь боцурш байархьама, гІала а йохош, Хьан лаамехь верг хІаллаквийр ма вац Ахьа? Нагахь иза хилча, Хьан лаамехь болчарна а, боцучарна а юкъахь башхо ма яц – уьш массо а хІаллакьхуьлуш ма ву. Ахь иштта дийр дац! Дерриг а дуьненан Кхелахочо йийр яц нийсо?» Валахьа, Веза Эла, Хьайн оьгІазаллица дуьхьал, и оьгІазалла сан мостагІийн дераллина дуьхьал а йоккхуш. Самавалахьа, Сан Дела, меттахІоттаехьа нийсо. Бина бекхам шена гича, Делан лаамехь волчунна хазахетар хир ду. Цо Іесачун цІийлахь шен когаш буьлур бу.
Выбор основного перевода