Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Йоккхаха йолчу йоІа кІант вира, цуьнан цІе Муаби тиллира цо (иза «дех винарг» бохург ду). Цунах схьабевлла хІинца болу муабахой. МостагІалла ма доладелахь муабахошца, ма болабелахь цаьрца тІом, хІунда аьлча Аса оцу лаьттах зил а лур бац хьан кара. Ас ЛутІин тІаьхьенна дІаелла Іар-гІала, цаьрга дола дайта». Іамминхошна хьо гергакхаьчча, цаьрца мостагІалла а ма леладе, цаьрца тІом а ма бе. Ас Іамминхойн лаьттах цхьа а меттиг лур яц хьан кара. Ас и латта ЛутІин тІаьхьенна дІаделла“». Цу хенахь Ашур-махкара волу паччахь ПІула Исраил-махкана тІегІоьртира. Менахьима эзар гали дети делира ПІуле, цуьнга шена гІо а дойтуш, шен паччахьалла чІагІдархьама.
Выбор основного перевода