Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусана тІедиллина ма-хиллара, тІамца маданхошна тІебахара уьш. Боьрша нах берриге байира цара. Ткъа Аса Къишун-хи йисте Ябинан эскаран куьйгалхо волу Сисра а, цуьнан гІудалкхаш а, эскар а, цига дІа а далийна, хьан кара дІалур ду“». Баракха туьраца беш болчу тІамехь Сисра а, цуьнан гІудалкхаш тІехь болу нах а бохийна хьовзийра Везачу Эло. Царна ца хаьара, шаьш хІун дан деза. Ткъа Сисра, гІудалкха тІера охьа а воьссина, гІаш ведда дІавахара. Сисра лоьхуш лелаш волу Баракх ЯІалан четарна тІе кхечира. Цунна дуьхьал ара а яьлла, ЯІала элира: «Чувола, аса гойтур ву хьуна ахьа лоьхуш верг». Баракх чоьхьаваьлча, цунна гира, лергъагІонах боллуш хьокха а болуш, велла Іуьллуш волу Сисра. Къишун-хино дІабаьхьира уьш. Чехка доьдуш долу хи ма ду иза. Сан са, нуьцкъала хьалхадалий, дІагІо! ГадІанаца хиллачу кхаа бІе стага коьман маІаш лекхча, Везачу Эло меттаматтара нах вовшашна дуьхьалбехира. Уьш, вовшашна тарраш а диттина, бевдда Царира-гІалина уллохь йолчу Байт-ШатІа дІабахара. Уьш иштта ТІабата уллохь йолчу Абал-Махьулан йисте кхечира. ХІунда аьлча Ахь кагдина дІадаьккхина цунна хало йина долу дукъ а, цуьнан белшаш тІе йиттина Іаса а, цунна ницкъ бинчун гІаж а, маданхойн эскар Ахь эша-ма-дарра.
Выбор основного перевода